Езара. Езнера. Езна...

Езара. Езнера. Езна…
Йисна хьо яханчу хенахь…
Цхьа а йоI хьол мерза лезна
Яцара сан деган бенахь.

Хьох нехан нус хуьлуш, лайна
Сан хорам шерех чекхбаьлла.
Буо дисна вайн седа-жайна
Хьо къила хьарчийна даьлла.

Хьо цунах яккхаран парзо
ЦIанвина хорамийн хьунах,
Декъалъеш хьох йисна марзо,
КъинтIера волу со хьуна.


Рецензии