Кхойкху соьга...

Кхойкху соьга, кхойкху соьга, кхойкху.
Бехкаш дохуш, кхойкху соьга верас.
Шена тIаьхьа хIиттинарш а гойту,
Амма со ца волу ара цIера.

Соьга хьежош лаьтта боху тезет…
Сан махкара иза дIа ца доьрзуш,
Сан йижарийн белхар ду дIатеза,
Сан вежарийн пхьа бу бекха безаш.

Къера хила къонахий ца бовлуш,
МаслаIатна юкъа нах ца богIуш,
Дижна даьлча денлуш, марсадолуш,
Дов ма дара уьншарера догIуш.

Кхиъна баьлла бIо чIагIбелла баьлча,
Пусар доцу довхо гучче вуьйлуш,
Эххар иза гу-лекхчу а ваьлча,
ТIаьхье яра кисанахь буй къуьйлуш.

Гуьнахь доцчу хамталлина бIагор
Хьийзабора, са юьхьIаьржа хIиттош,
Теркан бердаш дуззол елхош, ягош,
Дадин-Юрт а гIенах дуьхьал хIиттош.

Цуьнан цIарах кхойкхуш яра гуттар
СемаIашка, ГIоййист, СаIди-КIотар,
Iалхан-Юрт а яра, Котар-Юрт а,
ХIора юрт а, хIора жима кIотар.

Соьга хIинца и ширделла баха
Хьо векал а хьан вина те, верас:
Хьан кIезгаллах чIагIбеллачу наха?
Я и пурба кхаьчна уьншарера?

Соьга хьежош, ма латтаде тезет,
Цул а цига ахь сан деган ов хьуо,
Хьажал, и ду хIинца а дIатеза,
Ахь дIаверзош верг а ву сан довхо.

Ас пхьа тIера баккхале и кхалхарх,
Даг чу Iеса байттамалла лелха, –
ХIай цIехала хIокху тишчу белхан, –
Воккхавеш а хир ву-кх цхьаъ кху балхах…


Рецензии