Лекхна баьлла го юх-юха бохуш...
Мехо юуш, кхачалуш ю экъа.
Цо сан чов ма къиза лазайоху,
Цхьа а воцуш холчухIоттар декъа.
Суна-м хIара буьйса а къаръелла,
Ерриг гIовгIа селханенгахь йисна.
Цу гIовгIанна хьо а къар ма елла,
И ду суна Iийжа тIаьхьадиснарг.
ДоьгIна доцург доьхуш я схьалоьхуш,
Ма бIаьрзе а хуьлуш хилла хьекъал.
Куьзгано а суна дуьхьал оьхьу
Ойланашна дакъазвуьйлу пекъар.
Кхетта валарх, генна ду со вола
Дехка дезарх сайна хьан цIе яхар.
БIаьргъэшара-м дийр ду ас хьан дола,
Къурдаш дар а лечкъор ду ас нахах.
Амма тховса, го юх-юха бохуш,
Хьийза экъа, чевнах астагIлелхаш,
Дагна езнарг маре яхна боху
Мукъам бо цо, къорра дог а делхош.
Свидетельство о публикации №109032905933