Хьуна хира ю со Малика

Нийсо хилача- ца теша хьо сох.
Некъ сох хилача- ца гуш, д1а воьда хьо.
Аз со хилача- хезаш хира дац, аьлча ч1ог1а.
Малх хир бу, амма буьса ю, ца го хуьн со.

Мох со хилача- яхьар ю сейца туху йукъ.
Дог1а хилача- наьъ йела лур яц.
Илли хилача- докхар дац хьан са аса укъа.
Джейна хир ду- хьо декъал вал лур вац.

Пондара хилача- хуьна йира ца лакха ло соьга.
Чоь со хилача- адмий бералла чу дог1ара дац.
Дог1а хилача- Нанна-латта, хьо сох ца хьоьга.
1уьре ю- сарахь бен т1е йог1уш яц.

Х1орд со хилача- стиглана оьшаш хир дац.
Дахар хилача- со дуьненчохь дукха ца 1ийна.
Къайле хилача- хьуна дийца х1уламнаша сан хира дац.
Амма ца1 сан ду- хьуна хира ю со Малика.
                21.08.03


Рецензии
Хьоме Малика!!!
Чlогlа хаза хета нохчин дешнаш гуш,
амма гуттура а хаза ло если в стихах. Продолжай совершать подвиг.
Маршалла са хьоьга!!! Ася.

Мася   22.11.2004 00:23     Заявить о нарушении
Марш Могаш)) Делира маршал хуна хулда)
ма хаз хета сун ахь нохчи маттах рецензи яз йина) Дал сий довла.
доьхар ха сурт гича, хо нохчех терра йелира сун)

Ларамца

Малика Малика   22.11.2004 17:28   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.