Мила ву?

1индаг1аш ахгоне дахна,
Тиларехь дагош дагаро.
Мила ву и герз декориг
Сан ц1ент1е  бохам бало?

Мила ву т1ом бер бу бохург
Духа а вай ц1ерга кхийса,
Вайн вежрийн наб яйина,
Йижарий белхаба буса?

Къух санна ирх дахна болат
Хан-г1алахь латта ду датош.
Ягош-минех яьккхина
Вай ялташ дуьйш йолу ареш.

Беркема герзех доьттина,
Го туьйсуш хьийза ломахь.
Х1инца-м там белахь а бацахь,
Ас цаьрга дош эр дац чомахь.

Гой шуна? Кешнаш г1азотийн,
Стигала кхийда х1олламаш….
Шун а ду схьаган и сурташ,
Чуртийн метта гуш – жа1арш.

Лазаме,егаеш,ирча-
Чот а ю вай мел еттахь…
Жоп лойша,вай ойла йича-
Башхалла юй: чурт,жа1ар?...

Ас Везчу Цу Деле доьху:
Ахь тхан до1ийна жоп ло-
Духа а когаш к1ел кхосса
Пурба лой латта лазо?!

Х1ара дуьне ц1ий дина дац
Я вас а дуьххьар еш яц…
(Боьха х1ума стенна  г1ерта:
Нохчийчоь дечкана екъа?)

Легаш сан хорамо къуьйлу,
Дахаран массо муьрг лору.
Мила ву и герз декориг-
Сан ц1ент1е бохам бало?


Рецензии